Назма х1окх дуьнено 1ехаво.

Поділитися
Вставка
  • Опубліковано 21 бер 2018
  • Хаз назма. Цхьан динахь велича шин динахь велха во.

КОМЕНТАРІ • 12

  • @magaKhashiev-qi9ud
    @magaKhashiev-qi9ud Рік тому +4

    🔵 🔵 🔵
    Дуьнена ни1мато цхьан динахь велаво
    Марзонаш сов йохуш 1ехавеш лелаво
    Ла Илахь Иллаллахь
    1ехавеш лелаво
    Ла Илахь Иллаллахь
    Цхьан динахь величи шин динахь велхаво
    Хиларо 1ехичи валаро кхача до
    Ла Илахь Иллаллахь
    Валаро кхача до
    Ла Илахь Иллаллахь
    Г1ийли миски мел ваьриг хьал дериг ца къестош
    Массо а шераг1онца валаро д1авигу
    Ла Илахь Иллаллахь
    Валаро д1авигу
    Ла Илахь Иллаллахь
    Дуьнен чохь хьа денош дагар деш ду хьуна
    Совнаха де дакха йиш йолуш дац хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Доаккхийтур дац хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьа сада1ар дагар деш малайкаш ду хьуна
    Кхачина хьо ваьлчи хьо кхолхор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьо кхолхор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьо вяхначу х1усамех хьо воакхур ву хьуна
    Даьх наьнех доьзулех хьо къастор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьо къастор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Ахь йина ойланаш к1ел юсур ю хьуна
    Хай ойла та елахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьай ният та делахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Бехачу цу новкъа хьо вокхур ву хьуна
    Безарех бовзарех хьо къастор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьо къастор ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Цу кешни хьараме хьо воссур ву хьона
    Готучу лахьти чу хьо виллур ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Оц денна кечло хьа
    Ла Илахь Иллаллахь
    Мункаро Накиро барт хотур бу хьоги
    Хьа накъост хир вериг хьа Устаз ву хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Хьай Устаз лар велахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Къемат де деношкахь хала де ду хьуна
    Хьа дег1а маьженаш теш хиттор ю хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Оц денна кечлолахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Да нани доьзулляхь д1а дигур ду хьуна
    Дезулуш Даьх наьнах д1а бигур бу хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Оц денна кечлолахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Доттаг1чу ше доттаг1 д1атосур ву хьуна
    Байтамал цу дийнахь дукх бохур ду хьуна
    Ла Илахь Иллаллахь
    Оц денна кечлолахь
    Ла Илахь Иллаллахь
    Ла Илахьа Иллаллахь, 1араби 1ажаби аьли, Пайхьамари Пайхьамар, Аьхир заман Пахьамар, Валахьа хьа оарцу деха хьа тхо Даьли Мухьаммадур-РасулуЛлахь

  • @khoarto
    @khoarto 23 дні тому +2

    😢

  • @assadassad6000
    @assadassad6000 3 роки тому +6

    Я горжусь что я Мусульманка ИншаАллах сады нас ждут

  • @user-em5bt1ky1h
    @user-em5bt1ky1h 2 місяці тому +2

    ❤❤❤ ма ша Аллах ❤❤❤❤

  • @user-wp3xd8bl4j
    @user-wp3xd8bl4j  6 років тому +5

    Хаз ол цар и назма.

    • @doktor_anonim
      @doktor_anonim 5 років тому +1

      Саид ТСВ саид ассаламу алейкум сун и назм хьа даита , номер ло соьг хьай

  • @movlidmovlid6763
    @movlidmovlid6763 5 років тому +2

    ☝️👍

  • @doktor_anonim
    @doktor_anonim 5 років тому +2

    хьай номер ло соьг ахи и назам дезар сун

  • @user-ks3pm5tx2s
    @user-ks3pm5tx2s 4 роки тому

    😪😪😪😪😪

  • @user-ks3pm5tx2s
    @user-ks3pm5tx2s 4 роки тому +1

    И назм суна дезар полный дерг