Мохмад Тангиев - Малике йаздина кехат 2024г

Поділитися
Вставка
  • Опубліковано 11 кві 2024

КОМЕНТАРІ • 21

  • @user-ol1bm9mv4m
    @user-ol1bm9mv4m Місяць тому +1

    Хаза ойла йу ахь йинарг Мохьмад Мел хаза мотт белла хьуна Далв
    Безаман лазам сих хьакхалучун бен ала лур дац и тайпа дешнаш.
    Районна йуьртана волчара дозал да хьакъ ду Мохьмад

  • @-wq8mx
    @-wq8mx Місяць тому +1

    Мохьмад хаза йаздина Безам хала х1ума йу

  • @user-ry9ew7zy6i
    @user-ry9ew7zy6i Місяць тому

    Ассаламу алайкум
    Салам маршал ду хьоьга Мохьмад! Чулацам болуш хаза йаздина ахь и дешнаш. Безамах лаьцна хаза ала хуур дац безаман сий деш воцчуьнга. Б1аьчи-юьртахь хьала кхиъна ву хьо. Дозал до аса хьо сайн юьртара хиларна. Куралла йоцуш адамаллица хьайн къомах дог лозуш. Къахьоьгуш схьавог1у хьо. Диканца вехийла хьо Мохьмад! Дуккха наха къобал веш сий деш к1ант ву хьо
    Керлачу кхиамашка кхача Дала аьтто бойла. Могшаллица вехийла хьо

  • @user-ti1lc4js5r
    @user-ti1lc4js5r Місяць тому

    Ассаламу алайкум салам маршал ду Мохьмад жима волуш дуьйна вевзаш ву Суна г1иллакх долуш шеца адамалла йолуш к1ант ву Дош ала хууш нахан йукъахь лела хууш к1ант ву Нахана вовза вевзаш лело дезарг хууш. Нохчийн къам дезаш шен юрт йезаш к1ант ву!Б1аьчи-юьртара и хилар доккха х1ума ду. Дала аьтто бойла хьан Мохьмад Тангиев Дала могшалла лойла хьуна.

  • @user-hz7ww5jj4e
    @user-hz7ww5jj4e Місяць тому

    Б1аьргара хи далити ахь Мохьмад! Мел хаза йаздина ахь кехат Мел хаза ола ахь иза Малики къа дац Мохьмад дала хьаста хьан дог

  • @user-wk3nd5cw1f
    @user-wk3nd5cw1f Місяць тому

    Мохьмад Дала ирсе Дойла хьан дахар. Жима волуш дуьйна да воцуш хьала кхиъна ву хьо. Да вацар аьлла ца 1аш хьай нанна дика к1ант ву хьо. Массо аг1ор дикачу х1уман т1ехь ойла лаьтташ к1ант ву хьо. Курчалойн к1оштахь массарна а вевза хьо Ларам бо хьан Дала аьтто бойла хьан.

  • @user-ft9ur1ll5h
    @user-ft9ur1ll5h Місяць тому

    Салам маршал ду Германера
    Мохьмад Германехь дуккха нахана вевзаш ву хьо Хьан дешнашка назманашка ладуг1уш ду тхо Дала аьтто бойла хьан Хаза хета хьо сан кхетам болуш кегирхой болуш

  • @user-rj8de1ur3i
    @user-rj8de1ur3i Місяць тому +1

    ❤❤❤

  • @user-mt2sd5wr9y
    @user-mt2sd5wr9y Місяць тому +1

    Мохьмад Нохчийн маттахь хаза ола ахь. Дала дика дина хьуна Хастам белахь Далла цуо хьайна говзалла йаларна. Хаза дош ала хууш. Хаза мукъам ба хууш дика к1ант ву хьо.
    Ирсе вехийла хьо Маликица

  • @user-yj1ph2cf6j
    @user-yj1ph2cf6j Місяць тому +1

    Малика ма ч1ог1а йезаш хилла хьо Мохьмадина
    Ма к1ант ву хьо Мохьмад
    Говза эли ахь безамах лаьцна

  • @user-xd8hr4mm9n
    @user-xd8hr4mm9n Місяць тому +1

    Къорггера чулацам болуш йаздина дешнаш ду. Безаман лакхара мах хадош волчун бе йазлур дац иштта дешнаш.
    Мохьмад Дала говзал йелла к1ант ву! Ирс аьтто хуьлда хьан Мохьмад! Сайн юьртахо хьо хилар дозал до аса.

  • @user-sy3nx4xm5l
    @user-sy3nx4xm5l Місяць тому +1

    Мохьмад хаза ола ахь и дешнаш. Жима волуш дуьна вевза Суна хьо. Оьзда дика к1ант ву хьо. Кхиамаш хуьлийла хьан дахарехь.

  • @user-ui3wn3hf7o
    @user-ui3wn3hf7o Місяць тому +1

    Еееееееее, ма дешнаш ду 1уьш! Ма ша Аллах!🎉🎉🎉🎉

  • @malikaetsieva8568
    @malikaetsieva8568 Місяць тому +1

    Ма ша Аллах! Хаза дешнаш ду! Исбаьхьа хаза бу-кх вайн нохчийн мотт😊

  • @user-ez1lw1mc3n
    @user-ez1lw1mc3n Місяць тому +4

    Безамах дуьззан дог дукх безам балхош.

  • @tamiladamagova8170
    @tamiladamagova8170 Місяць тому +1

    Ма ша Аллах1
    Ирс я1 Малики
    Ма нийса аьлла дешнаш ду😢

  • @user-ux2pb5dp8p
    @user-ux2pb5dp8p Місяць тому +1

    Тангиев лучший 👍🏻👍🏻👍🏻

  • @user-wq3tf8dd7b
    @user-wq3tf8dd7b Місяць тому +1

    ❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤

  • @user-on1pm4wu8g
    @user-on1pm4wu8g Місяць тому +1

    Б1аьргех хи даллал дешнаш ду уьшам

  • @user-cw7gn1sg1o
    @user-cw7gn1sg1o Місяць тому +1

    Мага после таких строк эта девочка должна пребежат к твоим воротам и сама попросится к тебе чтобы ты взял её в жоны ..👍💯

    • @user-do7ge4en5f
      @user-do7ge4en5f Місяць тому

      Мага ху йу? Айх яккхахь йоккх ц|е яккха ца яккхахь \ад|е