Khabib is not UFC project but project of he’s father reply to ramzan kadyrov Chechnya president

Поділитися
Вставка
  • Опубліковано 14 тра 2021

КОМЕНТАРІ • 6

  • @georgikostadinov9373
    @georgikostadinov9373 3 роки тому +4

    Бог да бъде с вас.

  • @HamzaKhan-ky8kf
    @HamzaKhan-ky8kf 3 роки тому +12

    Kadyrov is jealous

  • @dilshodrajapbayev6564
    @dilshodrajapbayev6564 3 роки тому +4

    ☝️

  • @myfavbookbrontejaneeyre3752
    @myfavbookbrontejaneeyre3752 3 роки тому +2

    Anyone with a brain knows Khabib is who he is because of his Dad RIP. UFC didn’t want to promote him for so many years, his hard work and attitude learned from his Dad broke through the wall the UFC put up against him.

  • @hamidkarzai6500
    @hamidkarzai6500 3 роки тому

    Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна. 2Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана. 3Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а. 4Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира. 5Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. 6Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?»
    7Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо».
    8ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а».
    Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх».
    9ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!»
    10Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а». 11Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», - аьлла.
    12 Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду? 13Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. 16Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. 17Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. 18Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, - боху дешнаш. 19ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.
    20 Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
    Ӏийсас Шена ямартло хьан йийр ю дӀадийцар
    (Маттай 26:20-25; Марк 14:17-21; Лака 22:21-23)
    21И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».
    22ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. 23Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара. 24Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла. 25Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» - аьлла.
    26Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву».
    ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра. 27ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».
    28Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга. 29ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», - я: «Мискачарна сагӀа ло», - боху.
    30Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра.
    Керла гӀуллакх тӀедиллар
    31Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. 32Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.
    33 Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза. 34ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. 35Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар».
    Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
    (Маттай 26:31-35; Марк 14:27-31; Лака 22:31-34)
    36ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?»
    Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье».
    37Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».
    38Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“».

  • @hamidkarzai6500
    @hamidkarzai6500 3 роки тому

    Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. 2Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга. 3Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. 4Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».
    5ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»
    6Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен. 7Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».
    8Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».
    9Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? 10Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш. 11Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох. 12Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. 13ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама. 14Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».
    Делан Са лур ду алар
    15«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша. 16Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. 17Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. 18Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу. 19Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду. 20Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. 21Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».
    22Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»
    23Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь. 24Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.
    25ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш. 26Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.
    27Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.
    28Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.
    29ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама. 30Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац. 31Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас.
    ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».