ИСТИХАРА ЛАМАЗ а ДО1А | АБУ ХАМЗА ХЬЕХАМ

Поділитися
Вставка
  • Опубліковано 21 вер 2024
  • До1а
    🤲АллóхIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликалIази́м, фаиннака такъдиру ва лá акъдир, ва таIламу ва лá аIлам, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIа́зал-амра […] хайрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма бáрик ли́ фи́хIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзал-амра […] шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардини́ бихI».
    📕МаьIна: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь суна ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам а, дика а доьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, ткъа суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг а ву. Йа АллахI! Нагахь хьан Iилмангахь дерг - хIара гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а дика хилар делахь, суна ницкъ луо Ахь цу гIуллакх тIехь, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь Хьан Iилмангахь дерг хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар делахь, суна генадаккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь. #истихарат_ламаз #истихара #истихар
    #истихарат #истихарат_ламаз #abuhamzaf #истихара #истихарат_ламаз #истихарат
    #abuhamzaf @abuhamza.f #истихарат_ламаз #истихарат
    @al.iman_shishani @abuhamza.f
    🔔UA-cam ссылка указана в профиле страницы ✅

КОМЕНТАРІ • 15

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  2 роки тому +7

    До1а 🤲АллóхIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликалIази́м, фаиннака такъдиру ва лá акъдир, ва таIламу ва лá аIлам, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIа́зал-амра […] хайрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма бáрик ли́ фи́хIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзал-амра […] шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардини́ бихI».
    📕МаьIна: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь суна ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам а, дика а доьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, ткъа суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг а ву. Йа АллахI! Нагахь хьан Iилмангахь дерг - хIара гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а дика хилар делахь, суна ницкъ луо Ахь цу гIуллакх тIехь, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь Хьан Iилмангахь дерг хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар делахь, суна генадаккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь. #истихарат_ламаз #истихара #истихар

    • @СедаЭдиева
      @СедаЭдиева 7 місяців тому

      Буьйс дик хил лелин хумш хилч истихарат ламаз т1ехь до1 дич хама ца хилч дех ца мег те

  • @Allahsila
    @Allahsila 7 місяців тому

    Алхьамдуллахь хастам букх Аллах1ан машааллах1 табаркаталахь 💯💯💯💯💯😢

  • @СедаХуриева
    @СедаХуриева Рік тому +1

    АллахӀ реза хилла

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  2 роки тому +1

    «Истихáра» бохучуьнан маьIна
    «Истихáра» бохучуьнан маьIна - лекха хинволчу АллахIе дехар ду, хьайна дан лууш долчу цхьана гIуллакхехь Цо хьо Ша́ хаьржина, Шена гергахь гIолий а, дика а долчунна тIеверзор, цхьа гIуллакх дарехь йа цадарехь Цо хьуна харжам бар.
    Хьайн болх а, хьайн гIуллакх а ахь АллахIе дIадалар ду иза, хьо Цунна тIетовжар ду, хьо Цуьнга верзар ду, ахь Цуьнгара гIо лахар ду. Хьой гIийла хилар, Цуьнгара бен хьайгахь гIора а, ницкъ а цахилар, хьайна И оьшуш хилар, хьой Цуьнга хьашт хилар ахь гайтар ду.
    Цу Iалашонца деш суннат ламаз ду, и динчул тIаьхьа цу дехарца деш доIа а ду. И маьIна дерриге цу доIанан дешнашкахь гуш ду.

  • @ЖанетаЯХЬЯЕВА-и7ф
    @ЖанетаЯХЬЯЕВА-и7ф 3 місяці тому

    Къинош гечдар доьхш Да меги и Ламаз

  • @ahyaabd8286
    @ahyaabd8286 Рік тому +2

    Ма ща Аллах Аллах реза хийда хун )))

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  8 місяців тому

    Истихарат ламазан куц иштта хир ду:
    *Кхи долу муьлхха суннат ламаз санна ши ракаlат суннат ламаз дийр ду.
    *Ламаз дlа доьхкуш дагахь ният хир ду Истихарта ламаз дан аьлла, багахь хlумма баха оьшуш дац, ният дагахь хила дезаш ду, иштта хьай дагахь ният долуш, багахь “Аллахlу акбар” аьлла ламаз дlа доьхкур ду.
    *Тlаккха ши ракаlат ламаз дийр ду кхи долу муьлхха суннат ламаз санна, цхьа а башхалла йоцуш.
    *Дуьххьарлер бисмал дешча “Къул йа аййухlал кафирун” доьшур ду, шозлогl бисмал дешча “Къулх” доьшур ду аьлла цхьа болу lелам наха, кхи болу lелам наха кхи аяташ билгал дина, амма и дерриг бух болуш дац, цхьа а хьадис дац цу хьокъехь Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам къестан цхьа сурат, я аят деша аьлла, я цо ша дешна аьлла, цун дела кхи муьлхха ламазехь санна бисмал дешча хьайна лууш долу сурат, я аят доьшур ду ахь хьайна лаахь, суннат ду иза кхи долу ламазехь ма хиллар, сурат я аят ца дешча а гал дала хlума дац, ламаз нийса хир ду.

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  2 роки тому

    Посланник Аллахаﷺ сказал: «Для успешного завершения задуманного дела скрывайте это дело, ибо, поистине, у каждого обладателя блага есть (свой) завистник» (Аль-Байхаки).

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  2 роки тому +2

    Маца дан деза истихáра ламаз?
    Шена цхьа гIуллакх дан дагадеъча, истихáра ламаз дале хьалха, и гIуллакх девзаш хир бу аьлла хетачу дикчу нахах а, говзанчех а дага вала веза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: «Дагава́ла хьо церах (шайн) гIуллакхехь».Сурат «Áл Iимран» 159 айат.
    ТIаккха, церах дагаваьллачул тIаьхьа цу гIуллакхехь шена пайда хилар билгалда́лахь, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIе шена диканиг харжар доьхур ду, и гIуллакх дарехь йа цадеш Iаддитарехь.
    «Ал-Азкáр», Имам Нававий, 214 агIо

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  8 місяців тому

    lуьйра ламаз дича малх хьал баллалц
    Делкъа ламаз хан хила цхьа 5 минот йисанч хена мол кхайкхалц
    Малхбуз ламаз дича меркъаж хан хиллалц
    Оцу хенашкахь цхьа а бахьан доцуш долу суннат ламаз дан мегаш дац, дисин фарз ламаз дан мегаш ду, ше цхьа бахьан долу суннат ламаз дан а мегаш ду, ше цхьа бахьан долу суннат ламаз иза, масала: lуьйр ламазан хьалхар суннат диснехь хьай ламаз дийр ду ахь, я маьждиг чу вахнехь цу хеншкахь хьай маьждиг хьурмат ламаз дийр ду ахь иштта и санна дерш ду ше цхьа бахьан долу суннат ламазаш, ткъа оцу хенашкахь дан мегаш доцург къестан ше цхьа бахьан доцуш долу суннат ду, ше цхьа къестан бахьан доцу суннат ламаз иза, масала: цхьа хан йоцуш ламаз дай ас суннат аьлла хьала гlеттан деш дерг ду.
    Оцу хенашкахь дан мегар дуй Истихарат ламаз аьлча - нагахь ахь шена ламаз деш долу и хьа гlуллакх цхьа сих гlуллакх дацахь, масала: малхбуз хена цхьа гlуллакх тlе lотта делла, цунна жоп дала дезаш ву хьо, я цхьа йист яккха дезаш ву хьо, делахь меркъаж хан хиллалц ахь собар дича тlехь дуьсуш хlумма дац хьан, иштта хьолехь собар дийр ду и мегаш йоцу хан чекх яллалц, амма меркъаж хан хиллалц lа йиш йоцуш сих гlуллакх ду, хlиццехь жоп дала дезаш, иштта хьолехь хьай ламаз дан мегар ду оцу мегаш йоцу хенахь а.
    -Нагахь сихаллехь цхьа гlуллакх нис делла, амма ламаз дан аьтто болуш меттиг яц, гlуллакх хlицца сихаллехь дан дезаш ду, иштта хьал нис делча ламаз а ца деш деккъа и Истихарат дин ваьлча деш долу доl дийр дукх ше дагахь, куьгаш ца ойбуш, ша волчехь, ше дагахь и доl дийр ду.

  • @alimanshishani
    @alimanshishani  2 роки тому

    Пришло в хадисе, что посланник Аллаhа ﷺ сказал:
    ‎استعينوا على إنجاح الحوائج بالكتمان فإن كل ذي نعمة محسود
    «Для успешного завершения задуманного дела, скрывайте это дело, ибо, поистине, у каждого обладателя блага есть (свой) завистник»
    Его передают от ‘Али бин Аби Талиба, Му’аза ибн Джабаля, Абу Хурайры, ибн ‘Аббаса и Абу Бурды.

  • @Malika-fj4nj
    @Malika-fj4nj 4 місяці тому

    Тахаджуд ламаз т1яхь да Меги и

  • @СедаЭдиева
    @СедаЭдиева 7 місяців тому

    Буьйс дик хил

  • @K13Baykall
    @K13Baykall 8 місяців тому

    Ассаламу Алейкум, зуд ял ялле да мегш ма ду и дуй? и еще ас и ял ялле мел де хьалх да деш ду и ала ваша Аллах1 дел рез хил хьун.